Версия для слабовидящих

Поздравление заместителя Председателя Правительства – министра автомобильных дорог ЧР А.Б.Тумхаджиева с Днем Чеченского языка

Лараме Нохчийн Республикан  бахархой!

Ас даггара декъал до шу Нохчийн меттан  дезачу денца!

Нохчийн мотт- иза вайн дахаран дакъа а, вайн башхалла а, кхетаман а, леларан а амат ду. Х1окху замано вайн гойту мел ч1ог1а ларбан беза шен мотт, мел  сий дан деза цуьнан.

Нохчийн Республикан хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Ахьмат-Хьажи Кадыровс (Дала г1азот къобал дойла цуьнан) боккха тидам бора нохчийн мотт 1алашбарна. Цо сих-сиха олура: «Нохчийн мотт ларар  а, цуьнан сий- пусар дар а, ша- шен ларар а, шен халкъ ларар  а ду». Нохчийн меттан говзанча вара Ахьмад -хьаьжа. Цунна и ч1ог1а  а безара, цо и бийца а буьйцура, ладог1а дог а доуьтуш, к1орггера кхета а веш. Нохчийн мотт а буьйцуш, кхетийра цо вайн нохчийн къам т1еман къизачу шерашкахь, нийса некъ вайн къомана гойтуш. Иштта, нохчийн матте шен ден хилла боллу ларам болуш, меттан сий- пусар деш, схьавог1уш ву Нохчийн Республикан Куьйгалхо волу, Россин Турпалхо Ахьмат-Хаьжин к1ант Рамзан –Хьаьжа. Хьомсара накъостий! Аса даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца!

Дуьне мел лаьтта, вайн къоман хаза г1иллакхаш, 1адаташ массо а къаьмнашна довзуьтуш, кхуьуш, хазлуш,доттаг1аллин, гергарлонийн, уьрийн мотт хилла  бехийла вайн нохчийн мотт!

 Все права защищены. При перепечатке  ссылка на Пресс-службу Министерства автомобильных дорог Чеченской Республики обязательна

Просмотров: 26