Версия для слабовидящих

Беркате гIуллакх

Курчалойн-эвлара пачхьалкхан унитарни некъаш тIexь гIуллакх даран предприяти болхбеш ю 1957-чу шарахь дуьйна. бакъду, xIeтaxь №917 йолу некъаш тIexь гIуллакх даран урхалла аьлла яра иза. Цуьнан дуьххьарлера куьйгалхо вара А. Исмаилов. Курчалойн, Шелан, Нажи-юьртан, Гуьмсан районашкара некъаш дара урхаллин белхалоша цIандеш, тодеш Iуналла дийpaш. Цул тIаьхьа дуккха а куьйгалхой а, предприятин цIе а хийцаелла. 2001-чу шарахь хIинца йолу предприяти йина цунах. Карарчу хенахь предприятин куьйгалхо  ву Акбердаев Мохьмад.

 

Шайх лаьцна дийца хьакъ долчу дуккха а инженераша, некъан белхалоша, водительша белхаш бина кхузахь. Амма, халахеташ делахь а, Нохчийчохь тIаьххьара хиллачу тIеман кампанешкахь предприятии архив хIаллакъхилар бахьанехь билгалъяьхна яц церан цIерш, хьуьнарш. Юьхьанца дуьйна предприятино дина гIуллакхаш-м дийцина а вер вац, царах ду шайн чоьтах Курчалойн-Эвлара Ойсхара, Мескер-Эвла, иштта БIачин-Юьртара Ялхойн-Махкахула Сесана боьдучу некъашца техкина тIайш. Цул сов, республика меттахIотторехь а жигара дакъалецира предприятино — Соьлжа-Г1алин Ленински, Старопромысловски районашкарчу а, Шеларчу суьдан а гIишлошна ремонташ йира. Предприятии коьртачу инженера Балатаев Тимирхана дийцарехь, 1990-чу шерашкахь дуьйна еккъа Курчалойн районера некъаш, тIайш ду предприятино битамехь латтош дерш. Уьш ду 90 километр силамнекъаш, ткъех километр жагIин некъаш. Цу некъашца 14 тIай а, биргIанаш ехкина, дехьаволу 42 меттиг а ю.

 

Таханлерчу дийнахь 30 гергга стаг ву предприятехь къахьоьгуш. Царна юкъахь бу шайн белхан лаккхара говзалла йолу экономисташ, инженераш, кхиболу говзанчаш. Экскаватор, грейдер, бульдозер, некъаш цIандеш йолу «КамАЗ» машен, шиъ МТЗ-82 трактор, иштта балхана оьшуш йолу йолхьокхург, сварка, кхиболу гIирсаш тоъалчу барамехь бу предприятин. Ерриге а техника дикачу хьолехь а ю, xlapa ду ала балхана новкъарло йолуш хIума а дац.

 

Муьлххачу хенахь а хуьлу некъаш тIехь бан болх, аьхкенан заманахь некъийн йистошкара буц дIайоккхуш, кIаьгнаш дIадукъуш, белхаш бо я боьхна некъ тобо. Ткъа некъаш дохар бIаьстенан юьххьехь ло дешаш, гурахь йочанаш хилча, алсам нисло. IаьнтIехь лайш дохкучу хенахь хуълу болх алсам, иза сиха хуьлу, Iуьйраина нах арабовлале некъаш ц1андина хилийта деза юьртара юьрта дIасавоьлучун аьттонна. Амма болх мел сиха, хала белахъ а, шайн декхаршца дика ларош бу предприятии белхалой.

 

Бертахь ю коллектив, оьшучохь гIоьналлина вовшашка куьг кховдош, къахьоьгуш бу белхалой.

 

Шайн декхаршца ларош берриге белахь а, къаьстгина дикачу белхалойи цIерш а ехира Т.Балатаевс, уьш бу: водительш, ши ваша Вакуев Асланбеккий, Юсуппий, некъашдахкархо Очаев Зеламха, кхиберш.

 

 

М.Русланов (Республикин юкъараллин-политикин газет «Даймохк»)

Просмотров: 19